Муниципальное бюджетное общеобразовательное учреждение «Средняя общеобразовательная школа № 60» г.Грозного

grozny-sch-60@yandex.ru
+7 (8712) 33-26-58
1 смена   8:00 - 13:00
2 смена   11:50 - 17:20
3 смена  13:30 - 18:30
 
 
 

День Чеченского языка

25.04.2020

25 апреля стала уже традицией отмечать ежегодно день чеченского языка. Начало празднования было заложено еще в 2005 году: указом Президента ЧР Р. Кадыровым от 23 апреля этот день объявлен ежегодным Днем чеченского языка.

Шийтта шо хьалха ,11 апрелехь 2007 шарахь,хаза кхаъ хилира нохчийн маттах,къомах,махках дог мел лазачарна.Оцу дийнахь вайн Республикехь т1еч1аг1дира Нохчийн меттан Де кхайкхор а,24 апрелехь х1ора шарахь и Де даздеш д1адахьар т1едиллира.Дуккха а б1аьрла хийцамаш хилла юкъараллехь:дуккха а мероприятеш ю мотт кхиорна,деборна т1ейоьг1на.Дуккха а дика хьехархой бу вайн и мотт д1акхоьхьуш,яздархой а,культуран белхалой а.Мало ца яр цу г1уллакх т1ехь декхар ду  х1ора нохчо ву ша бохуш волчуьнан. Х1ун г1о дан йиш ю сан мотт кхиорехь?Стенна т1ера д1аволавелча бакъахьа хир дара те? Уггаре а хьалха нохчийн маттахь еша волавала веза,бовза хьажа веза шен къоман  1еламнах,1илманчаш,яздархой,художникаш.Бийца беза уггаре а хьалха доьзалехь "дастам а ца хеташ",юкъараллехь кураллаш а ца еш(дукха бу вайна юкъахь тахана а шен ненан мотт цахарах дозалла деш берш). Вайна массарна а мехала деза де ду х1ара, х1унда аьлча вай декхарийлахь ду вешан мохк, мотт беза а, цуьнан сий, ларам бан а.Къоман стом бу ненан мотт, цуьнца бен хуьлийла дац вайн дахаран хазна.Нохчийн Республикин Хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Ахьмад-Хьаьжас олуш ма хиллара: «Нохчийн къам дийна хиларан мокхазан ч1аг1о ю нохчийн мотт». Матто латтош ду къам, и д1атесча духу цу къоман г1иллакхаш а, оьздангаллин баххаш а.

Дала т1аьхье беркате йойла вайн, ирсе дог1ийла Нохчийчохь х1ора а де!